Наверх
Войти на сайт
Регистрация на сайте
Зарегистрироваться
На сайте недоступна
регистрация через Google

быстрый, 52 - 9 мая 2013 18:01

Все
Малх бале малхбузе мел гена валарх. Карор дац дуьнен чохь хьол хаза х1ума. Къилбехьа къилб седе мел гена валарх. Карор дац дуьнен чохь хьол хаза х1ума. Цу лаьмнийн баххьашка мел лекха валарх. Карор дац дуьнен чохь хьол хаза х1ума. Мел к1орге хин буха хьо ваг1а г1ортарх. Карор дац дуьнен чохь хьол хаза х1ума. . . Седарчи нур дойъу и дошо малх сана. Маьхкари нур дойъу хьан хазчу сибато. Йолаелчи нах хьуьгуш куц долуш йо1 ю хьо. Къуьзал 1ам чура и сирла хи сана. Ц1ена а хаза а хьа г1ллакхаш ду. Хьай хазчу озанца йист хуьлуш хьо хезча, Б1аьсте вайн йаьлла те олий ма хета. Дуй те дуьнен т1ехь хьоьл хаза х1ума. Дуьненчохь долу х1ум а хаз доций хоуьтуш, Дуьненчохь йоккху хан хан йоци хоуьтуш. Цу везчу вай ДАЛА дерриге а гойтуш. Дерриге ше керахь дуй вайна хоуьтуш. Фирдаус ц1е йолу чу, цу езачу елсмане ох1лунах хуьлда хьо.
Добавить комментарий Комментарии: 0

 
Мы используем файлы cookies для улучшения навигации пользователей и сбора сведений о посещаемости сайта. Работая с этим сайтом, вы даете согласие на использование cookies.