Наверх
Войти на сайт
Регистрация на сайте
Зарегистрироваться
На сайте недоступна
регистрация через Google

быстрый, 52 - 9 мая 2013 18:37

Все
Малх бале малхбузе мел гена валарх . Карор дац дуьненчохь хьол хаза х1ума . Къилбехъа къилбседе мел гена валарх. Карор дац дуьненчохь хьол хаза х1ума . Цу лаьмни баххьашка мел лакха валарх. Карор дац дуьненчохь хьол хаза х1ума . Мел к1орге хи буха хьо ваг1а г1ортарх . Карор дац дуьненчохь хьол хаза х1ума.. Седарчи нур дойъу дашо малх санна. Мехкари нур дойъу хьа хазчу сибато. Олхазаршн юкъехь и т1аус санна . Йолаелчи нах хьоьгуш куц долуш йо1 ю хьо . къоьзал1ам чуьра и сирла хи санна. Ц1ена а хаза а хьа г1иллакхаш ду. Хьай хазчу озанца йист хуьлуш хьо хезчи . Б1аьсте вайн йаьлла те олий ма хета.. Дуй теша дуьнен т1ехь хьол хаза х1ума . Дуй теша дуьнен т1ехь хьоьл дика х1ума . Дуьненчохь долу х1ум а хаз доций хоуьтуш . дуьненчохь йоккху хан хан йоций хоуьтуш. Цу везчу вай ДАЛА дерриге гойтуш. Дерриге ше керахь дуй вайна хоуьтуш. Фирдовс ц1е йолу чу цу йезчу ялсманер. Доссина масмалик дуй теша хьо.
Добавить комментарий Комментарии: 0

 
Мы используем файлы cookies для улучшения навигации пользователей и сбора сведений о посещаемости сайта. Работая с этим сайтом, вы даете согласие на использование cookies.