Наверх
Войти на сайт
Регистрация на сайте
Зарегистрироваться
На сайте недоступна
регистрация через Google

быстрый, 52 - 10 мая 2013 19:30

Все
Хазалца юьзна ю хьан юхь. Цхьа бахьна дац хьо цаеза. Мульха бала ловр бар хьа дуьхь. Са безам т1еэца хьо хилча реза. Ма ала соьга ца веза. Хилахь хьо суна реза. Хаза хета суна хьо. Сатуьйсуш лела со. Сатуьйсу ас гаре хьо. Ларъеш 1а реза ву со. Хьо йог1и сайна хиъча. Х1у де ас оьшуш хилча. Декъала хуьлда хьо. Ма гойла хьуна во. Кхочуш хуьлила хьан ойла. Даимна ирсе хьо суна гойла. Йог1ур юй те ирсе зама. Суна дуьхьала йог1уш хьо. Декъала дойла вайшиъ Дала. Ирсе хьоьца хир вар. со. Безам бица жима ю бохуш. Ахь суна дош ца ло. Буьсанна сайна йоьхуш. Ас хийла хьа ойла йо. Лаьара хьо соьх кхетийла. Цхьана хуьлийла вай дахар. И хаза малх вайна лепийла. И хир бар дуьненна бахам. Ирс долуш хьо ехийла. Сан дагна езнариг. Г1оза вайшиъ дехийла. Сан хаза жиманиг. Седарчи хьа дуьха лепаш. Малх, бутти хьуна ас лерина. И иллеш хьа доьхьа декаш. Лаьара вай цхьана дехийла.
Добавить комментарий Комментарии: 0

 
Мы используем файлы cookies для улучшения навигации пользователей и сбора сведений о посещаемости сайта. Работая с этим сайтом, вы даете согласие на использование cookies.